Найти тему
Зарина Шаухалова

Нохчалла

Нохчалла

Маржа яI, нохчалла, ма шортта ду-кха

Хьан ц1арца доьзнадерг, йистйоцуш дийца.

Маттаца дIаала — хуур дац иза,

Кхехкашдерг пхенашкахь нохчийн цIий дацахь.

Нохчалла — йац иза дешнашца йоьзна,

Барта ша йийцарх и йоьвзар йац хьуна.

Хьо цуьнах кхетар вац, мел лаарх хьуна,

Болатан нохчийн дог хьан кийрахь дацахь.

Хьо, шена хьарам веш, хьо винчу нанас,

Махкана веш хьанал, тIаме ца хьажийнехь,

Йишас, тIе куьг хьоькхуш, новкъа ца ваьккхинехь,

Хьо кхетар вац, хьуна, нохчалла бохучух.

Хьайн нигат дохийна, хьо дохко ваьллехь,

ГIазотан некъара йуьстаха ваьллехь,

МостагIчун герзана кхоьруш букъ берзийнехь,

Пхенашкахь леларг хьан нохчийн цIий дац, хьуна.

Кийрара шен бала дагчу къевлина,

Берех и хьулбинчу хьайн хIусамненан,

Доьзалан, тIаьхьенан ойла ахь ца йинехь,

Хьан кийрахь детталург нохчийн дог дац хьуна.

Даймахках цIе летча — хьайн са дадийна,

Кхерчана букъ берзош, хьо гена ваьллехь,

Хийрачу махкахь хьайн хIусам ахь лехнехь,

Нохчалла бохучух хьо кхетар вац хьуна.

Воккхачо аьлла дош ахь чIире лаьррехь,

Мискачух ца вешаш, цунна петоьхнехь,

Хьайн вешийн толам ахь хьогIе тIе лаьцнехь,

Нохчалла боху цIе хьан сица йац хьуна.

Хьайн къомах мехкарийн сий ахь ца лардинехь,

Йижарий хьайн санна, ахь уьш ца лийринехь,

Эхь-бехках вухуш, ахь эвхьазло гайтинехь,

Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна.

Вошалла оьшучохь — ахь куьг ца кховдийнехь,

ДоттагIа боху цIе ахь йорах йоьхкинехь,

Осала гайтинехь, хьогIах йахь хийцинехь,

Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна.

Вайн Делан и Элча, и Устаз хьахочохь,

Болат дог кIадделла, хьан бIаьрг ца тIунбеллехь,

Хьан кийрахь детталург нохчийн дог дац хьуна,

Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна.