Лариса Садулаева Сан Дог Ду Хьо😍
Нохчалла. Маржа яI, Нохчалла, ма шортта ду-кха Хьан ц1аро хьулдинарг чот йоцуш дийца, Маттаца дIагайта хуур дац иза, Кхехкаш дерг пхенашкахь Нохчийн цIий дацахь. Нохчалла - йац иза маттаца йоьзна, Маттаца йийцарх и йевзар йац хьуна. Хьо цунах кхетар вац мел лаарх хьуна, Болата Нохчийн дог дацахь хьан кийрахь. Хьо шена хьарам веш, хьо винчу нанас, Махкана веш хьанал тIаме ца хьажийнехь, Йишас тIе куьг хьоькхуш новкъа ца ваьккхинехь, Хьо кхетар вац хьуна Нохчалла бохучух. Хьайн нигат дохийна хьо дохко ваьллехь, ГIазотан новкъара йуьстаха ваьллехь, МостагIчун герзана кхоьруш букъ тоьхнехь, Пхенашкахь леларг хьан Нохчийн цIий дац хьуна. Кийрара шен бала дагчу къевлина, Берех и хьулбинчу хьайн хIусамненан, Хьайн доьзал тIаьхьенна ахь ойла ца йинехь, Хьан кийрахь детталург Нохчийн дог дац хьуна. Даймахках цIе летча хьайн са дадийна, Дай кхерчан букъ берзош хьо гена ваьллехь, Хийрачу махкахь хьайна хIусам ахь лехнехь Нохчалла бохучух хьо кхетар вац хьуна. Воккхачо аьлла дош ахь чIире лаьцнехь, Мискачух ца вешаш цунна пе тоьхнехь, Хьайн вешин толам ахь хьагIе тIе лаьцнехь, Нохчалла боху цIе хьан сица йац хьуна. Хьайн къоман мехкарийн сий ахь ца лардинехь, Йижарий хьай санна ахь уьш ца лийринехь, Эхь-бехках вухуш ахь эвхьазло гайтинехь, Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна. Накъосталла оьшучохь ахь куьг ца кховдийнехь, ДоттагIа боху цIе ахь йорах йоьхкинехь, Осала гайтинехь, хьогIах йахь хийцинехь Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна. Вайн Делан и Элча, и Устаз хьахочохь Болат Дог кIадделла хьан бIаьрг ца тIунбеллехь, Хьан кийрахь Iуьллуш дерг Нохчийн Дог дац хьуна, Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна. Зарина Шаухалова 21.02.2023г.
Гергахь йа генахь хьо хиларх, Ойланаш сан хьоьца йу. Самах йа г1енах хьо гарах, Сан Дагна цхьатерра ду. Хьо дийна хилар ирс хеташ, Даиман йоккхайийр йу. Кхолламан совг1ат хьо хеташ, Хастам беш со йехар йу. Безамо йийсаре лацарх, Сан Дагна иэшам хир бац. Безам сайн жоп доцуш хиларх, Йоьхна а со хьийзар йац. Сатийсал цахиларх хьестина, Дог дохош човхийна йац. Цундела кхоччуш Дог дилла Хьо вицвеш, со кийча йац. Кханено х1у дахьар хууш, Дуьненчохь вайх цхьа а вац. Безамах Дог къасто лууш, Хетарехь, цхьа а хир вац. Зарина Шаухалова