Мадина Дашаева Хьо Ас Сайна Воьхур Ву💞
Турпал Абдулкеримов - Мадина
Подпишись на наш канал - ЭТО ИНТЕРЕСНО! Текст песни Турпал Абдулкеримов - Мадина ,ахам со вина Мадина Мадина хинцам хьо зина,
Сунам хьо гин яьлла ч1ог1а хьо кур яьлла.
Мадина Мадина ахьам со вина
Кирар дог эт1ина ахьам со талхина
Гин яьлла кур яьлла хинцам хьо д1а тийна
Сих елла заз елла ахьам со виц вина
Мадина Мадина дагна чов ахь йина
Ч1ог1а курал йина хинцам хьо д1атийна
Мадина Мадина дагна чов ахь йина
Хинцам хьо д1а тийна йокха курал йина
Мамас хьо кач йина хаз йина лелин ю
Папас...
Нохчийн мотт, Хьох лаьцна байт йазйан со охьахиъна. Ала дош ва лоьхуш ойлайан йоьлла. Алаза дисний те мерза дош хьох? Йух-йуха дийцича, кхетар вуй сох? Хьо шорта хиларан сан шеко йац. Дош доцуш йисарна со-м кхоьруш йац. Ас хIинца хьо бекош карчор бу мотт, Нохчийн мотт цIе йолу, сан Ненан мотт. Башламан баххьашца буьстича хьо, Хьан сийлал гайттала и лакхе йац К1оргачу Iаннашца буьстича хьо, Хьан маьIна дусталла и кIорге йац. Хийла дас хьоь болу безам балхийна. Ала дош ца кхоош хьо хестийна. Ткъа хIинца диссина дешнаш гулдина, Сайн илли дIаолу ас даггара. Бахалахь, Нохчийн мотт, Дуьне мел деха Бахалахь Нохчийн къам мел деха хьо. Маттаха дIахаьдча дIадолу къам а Нохчийчоь мел йеха бахалахь хьо. Бекалахь, Нохчийн мотт, тхан лаьмнаш декош, Лаьмнашца товш бериг Нохчийн мотт бу. Бекалахь, Нохчийн мотт, тхан хьаннаш Iадош Нохчийчохь бека хьо хьаналла бу. Дуьххьара наноша агана дохкуш, Тхо хьоьстуш хазийнарг Нохчийн мотт бу. Аганан илли цо мерза дIаолуш, Набарна товжийнарг Нохчийн мотт бу. Кегийрхой гулбелча шовданан коьрте, Шайх летта безаман и мерза цIе Дегнашчохь хьулйина, оьздингалла ларйеш, Теш хилла лаьттинарг Нохчийн мотт бу. Кхайкхаза тIебеъча махкана бала, Къонахий йукъйоьхкуш, бовлуш ара, Мехкарша турпалхой дегнаш шаьш айдеш Иллешкахь бекийнарг Нохчийн мотт бу…….. Зарина Ш. 05.02.2023г.