30 подписчиков
2025-чу шеран гӀуран беттан 16-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам баран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар.
Семинаран Ӏалашо – нохчийн меттан регионан методисташна а, хьехархошна а нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам барехь методически гӀо-накъосталла дар, бина хийцамаш бовзийтар.
Семинаре кхайкхина бара республикин нохчийн меттан регионан методисташ а, 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой а.
Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса. Шен къамелехь цо довзийтира республикерчу дешаран хьукматашкахь нохчийн мотт хьехаран хьал.
Кхин дӀа, ПКЭ-н талламан лараран коьчалш тӀехь болх муха бан беза а гойтуш, семинар дӀайаьхьира Ӏилманан белхалоша: Абдуразаков Шертбека, Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата. Цара йовзийтира пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьарехь йолу проблемаш. Ткъа иштта дийцаре дира уьш дӀайахаран некъаш.
Семинаран чаккхенехь цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.
Около минуты
17 декабря 2025