30 подписчиков
2023 шеран хьаьттан беттан 22-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «2024 шеран нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар.
Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.
Семинаре кхайкхина вара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара
9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волу 45 хьехархо.
Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин центран куьйгалхо Абдуразаков Шертбек.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира ненан меттан маьӀна а, 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьар мехала гӀуллакх хилар а.
Кхин дӀа семинар дӀайаьхьира дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша.
2023 шеран нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан жамӀаш а довзийтина, талламан лараран коьчалийн дӀахӀоттамах а, маххадоран критерех а лаьцна дийцира дешаран-методикин центран куьйгалхочо Абдуразаков Шертбека.
Талламан лараран коьчалш тӀехь болх муха бан беза а гойтуш, пачхьалкхан жамӀдаран аттестацина кечамбарехь пайдаэца мехала хьехамаш семинаран декъашхошка дӀакхачийра Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.
Семинаран болх берзош, цуьнан декъашхоша деллачу дерриг хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.
1 минута
22 августа 2023