2937 подписчиков
Карара шо, хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен Указца дӀакхайкхийна ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Оцу шарца боьзна хьалхара къовсам а бу цо дӀакхайкхийна - НОХЧИЙН МЕТТАН ГОВЗАНЧА.
Цигахь дакъалаца йиш йолуш муьлхха а ву, цхьа а къестамаш а боцуш.
Къовсаман совгӀаталлин фонд 8 млн ₽ барамехь йу:
🥇меттиг йаккхарна - 5 млн ₽;
🥈меттиг йаккхарна - 2 млн ₽;
🥉меттиг йаккхарна - 1 млн ₽.
Лехамаш а, дакъалацаран бехкамаш а хӀокху контакташца бевзар бу:
➡️WhatsApp: +7(964)074-86-33;
➡️Тилпон лоьмар: +7(8712)29-26-44.
Дакъалацаран косташ хӀокху адресца дӀатосур ду (20.01.23 - 20.02.23 шш.): govzancha95@mail.ru.
Около минуты
21 января 2023