Найти тему
N + 1

Берзлой караIамочаьрца дIаийна хилар

У взрослых волков, выращенных в неволе, обнаружили стойкую привязанность к своим дрессировщикам. Новость, которую N + 1 решило сообщить не только по-русски, но и по-чеченски в рамках проекта «Языки России».

Этот проект создается при поддержке АНО «ИРИ»

Венгрера дешначу наха тидам бина цIахь кхиийначу берзлой шаьш караIамийначаьрца чIогIа схьаийна хилар. Цара цхьайтта берзлой шайна бевзачу а, ца бевзачу а нахаца йолаялийтина: шен цадевзачу адмаца борз шен караIаморг волче гIертара, холча а хIоттара, шен гонаха долчу хIуманна тидам а ца бора. Изза хьал дара цIахь кхиийна жIаьлешца а.

Схьахетарехь, адмаца ийна хилар доьзна ду берзана шен ардангаца ишта схьаийна хиларца: иза бахьана долуш атта караIама яло берзлой, яздо дешначу наха журналехь Scientific Reports.

Леларан даржехь иштта схьаийна хилар хета гIоле хетаран форма: цо гойту, схьаийна долу адам оьшуш хилар, иза юххехь ца хилча холча хIоттар, ткъа юххехь хилча, гонаха дерг тидаме лацар, ша кхерамза хетар. Мел дийцинарг билгал эцча, ишта ийна хила тарло беран, де-ненан юкъаметтиг хилла а ца Iаш, шина адмана юкъаметтиг а, адаман, дийнатан юкъаметтиг а.

Масала, талламо гойту, адмана, ж1аьлана юкъаметтиг иштта юххера хилар. Дийнатанна шен да кхечу адмалла гIоле хета, царна юххехь паргIата хуьлу уьш, юххехь ца хилча холча а хIуттий, и лоьхуш хуьлу уьш.

Иштта ийна хила, цхьаьна агIор, бехха болх бу. Схьахетарехь, берзлой адмашца таръяларе хьаьжца, тарло, берзан кIезий а адмашца ишта ийна хила йиш хилар.

Иза талла, дешначу наха, Будапештера Тамас Фараго куьйгалхо а волуш, эксперимент йина цхьайтта борз юкъа а лоцуш. Акхарой цхьа шо а, ах шо а сов хан йолуш яра, кIезий долчу хенахь дуьйна адмаша кхиийна шаьш, я кхечу берзлошца. Цул совнаха, экспериментана юкъалаьцна исс жIаьла а: уьш юкъалаьцна церан лелар берзлойн леларца дуста.

Эксперимент йоьдуш йолуш, борз хьуьнан некъан тIе яккхара. Цуьнан кочатосу доьхка схьалацар я караIамочо, я цавевзачу стаго. Шиэ стаг шовзткъе итт минотехь берзаца волалора, шолагIниг д1аваханчул тIаьхьа (борзега тидам байта безар шолагIниг дIавоьдуш). Ткъа иза гучара ца валара тIаьххьара кхо минот йиссалц, цул тIаьхьа кертана дехьа а волий, гучара волура и. Изза эксперимент йина ж1аьлешца а, ткъа хьуьнан некъа тIе а ца дуьгуш, парковке дуьгура уьш.

Берзлоша а, жIаьлеша а сих-сиха кочатосу доьхка ийзадораша караIаморг дIавоьдучу хенахь (р<0,001), иза юххехь воцуш чIогIа холча хIуттура уьш (угIура), ткъа берзлой хенаца цавевзачу стагана юлар, холча а кIезга хоттара.

Цул совнаха, жIаьлеш а, берзлоша а шаьш караIаморг юххехь волуш гонаха долчу хIуманна тидам сов бора.

Берзлой, бакъдолуш, дIаийна шайн караIаморчаьрца, жIаьлеш шайн дайшаца санна: цера лелар царех дIакъаьстича чIогI цхьатерра дара.

Авторш жамIе кхаьчча, берзлой адамашца ийна хилар доьзна ду уьш шайн ардангаца ийна хиларца.

Дуккха а хан йоцуш, дешначу наха, Фарагос дакъа а лоцуш, схьахаийтина, адмаша кхиийна берзлой, жIаьлешца юьстича, кIезга тIетайна хилар: цара адмана дехарна буьрка наггахь бен схьа ц ало, куьгхьакхар а кIезга лов.

Яздархо: Елизавет Ивтушок

Гочдархо: гочдаран бюро Арабист